Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

«ИСЛАМАН ЗIАЬНАРШ» ГАЗЕТО ИСЛАМ-ДИНАХ ЛАЬЦНА НОХЧИЙН МАТТАХЬ ЙАЗЙИНЧУ БАЙТИЙН КОНКУРСАН ЖАМIАШ ДИНА

10 июня 2023

Республикин динан-серлонан "Исламан зIаьнарш" газето Ислам-динах нохчийн маттахь йазйинчу байтийн конкурсан жамIаш дина кху деношкахь. Нохчийн меттан шарна лерина йара и конкурс.

СовгIатна леринарг 30 эзар сом дара.
Меттигаш иштта дIасайекъаелира:
Аутаев Сулейман-Хаьжа - 1 меттиг - 15 эзар сом;
Гакаев 1арби - 2 меттиг -10 эзар сом;
Исраилов Сайхан - 3 меттиг - 5 эзар сом.

Иштта толамхошна йелира республикехь вевзаш волчу йаздархочун а, журналистан а, ткъа иштта кху газетан кхочушдаран директоран Заурбеков Мас1удан книгаш.