Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Исламан банкингана эксперимент йархьама белхан тоба кхоьллина Нохчийн Республикехь

9 сентября 2023

Нохчийн Республикехь исламан банкингана эксперимент йархьама ведомствошна йукъахь белхан тоба кхоьллина. Тобанна йукъабог1у г1уллакх кхочушдаран 1едалан векалш, банкийн учрежденийн белхахой, ткъа иштта йуридически нехан векалш. Цара исламан бакъонашца цхьаьнаг1уллакхдаран финансированица  болчу лехамашца  хьашташ кхочушдо.
Россехь 1-чу сентябрехь д1айолийна исламан банкинг йукъайаккхаран эксперимент. Пилотехь дакъалоцуш йиъ регион йу: Дагестан, Нохчийн Республика, Башкири, Татарстан.

Пилот д1айолош долу закон Россехь т1еэцна 2023-чу шеран 19-чу июлехь.
Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, НР-н финансийн министра Тагаев Султана дийцарехь, нагахь экспериментан дика т1аьхьало хилахь, федеральни закон РФ-н  кхечу субъекташка а д1асадаржор ду.

 «Экспериментехь законодательни норманашца йог1уш йолу массо а организацеш дакъалаца  аьтто болуш йу.
Муьлххачу гражданинан аьтто бу оцу г1уллакхах пайдаэца. Экспериментехь дакъалоцучеран бакъо йац финансови банкинган аьттонаш схьаэцарехь клиентийн г1уллакх ца дан, церан социальни, расови, къоман, меттан, динан хиларе хьаьжжина.  И г1уллакх кхочушдечу организаце баха аьтто бу нехан. Нохчийн Республикехь йолчу банкийн подразделенеш  х1инцале законан лехамашца йог1уш йу, церан бакъо йу цу экспериментехь дакъалаца, цундела нехан аьтто бу царна т1е шайн г1уллакх дахьа»,- министран и дешнаш даладо «Вайнах» ГТРК-но. ТРК-ПУТЬ