Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Кадыров Рамзан-Хьаьжас деша мел ло а салаваташ деша аьлла, шайн даг чохь Мухьаммад-Пайхамаре(ﷺ) безам болчаьрга

15 сентября 2023

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас, Республикин Муфтис бинчу кхайкхамна т1е а тайна, деша мел ло салаваташ деша аьлла шайн даг чохь Мухьаммад- Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) безам болчаьрга.

«Шен кхайкхамехь Межиев Салахь-Хьаьжас бусалба нахе Рабиуль-Авваль беттан 12-г1а буьйса т1екхаччалц лерринчу къахьегарца салаваташ дахка боху. Оцу хенахь дуьнен чу ваьлла адамашна йукъахь уггаре а тоьлла верг(Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

Оцу сийлахьчу дийнахь вай цхьаьна до1а до, Цунна дукхавезарг хасторна, Веза Воккхачуьнгара долчу ни1мате са а тосий.
"Лерамечу Муфтийн кхайкхамна т1етов со. Ас дехар до массаьрга а, шайн дегнашкахь Мухьаммад-Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) безам болчаьрга изза дан а, мел дешало дукха салаваташ деша а даггарчу тешарца а, сатийсамца а.Иза дуьненийн Эла резаваран бахьана хир ду. Веза Воккхчо Шен комаьршаллех а, къинхетамах а, гечдарх а, дохковалар т1еэцарх а хьалабузур бу Рабиуль-Авваль бутт!», - йаздина регионан Куьйгалхочо. ТРК-ПУТЬ