Кадыров Рамзан-Хьаьжас шен цIе тиллинчу маьждиган цIе хийцина, ИбрахIим-Пайхамаран цIе цу маьждигна а тиллина
Соьлжа-ГIалахь Жуковскийн урамехь керла маьждиг схьадиллина тахана. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас, НР-н муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, ткъа иштта динан векалша а, регионан министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхоша а.
НР-н Куьйгалхочо хаам бира, керлачу маьждиган Ибрах1им-Пайхамаран ц1е хир йу аьлла. Билгалдаккха деза, дечу хенахь маьжигна Кадыров Рамзан-Хьаьжин ц1е тиллинера.
«Нохчийн Республика денна толуш схьайог1уш йу. Суна хазахета, со воккхаве, вайн иштта исбаьхьа маьждигаш дан аьтто болуш. Вайна дагайог1у хан, республикерчу маьждигех складаш а, нехаш д1акхуьссу меттигаш а йина лаьттина. Нах царна т1ебаха а ца баьхьара. Ткъа х1инца вай х1ор шарахь керла маьждигаш схьадоьллу, парг1ат вешан дин лело аьтто бу вайн»,- элира Рамзан-Хьаьжас маьждиг схьадоьллучохь.
Цо дийцира, Ибрах1им-Пайхамаран ц1арах керлачу маьждигна ц1е тилла сацам НР-н Муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица къамел динчул т1аьхьа хилира аьлла.
Ибрах1им - уггар везачу пхеа Пайхамарх, Аллах1ан Элчанех цхьаъ ву. Уьш шайн къаьмнашна т1ебахийтина хилла. Цуьнан ц1арах Къуръанан 14-г1а сурат ду.
Дагадоуьйтур вай, маьждиг дан долочу хенахь, бух буьллуш, цигахь бара Нохчийн Республикин Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа; НР-н Куьйгалхочун Хьехамча, Госдумин депутат Делимханов Адам, динан векалш, йукъараллин г1уллакххой. Г1ишлошйаран белхаш д1аболо бакъо йелира НР-н Хьалхарчу Президентан к1ентан к1антана Кадыров Адамна. ТРК-ПУТЬ