Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Соьлжа-ГIалин Висаитовски к1оштахь 2000 стагана маьждиг дийр ду

22 сентября 2023

Маьждиг даран белхаш д1абуьйлалуш, кхуза баьхкинера Нохчийн Республикин Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Соьлжа-Г1алин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, меттигера бахархой.

Хьалхо Турбина поселкера бахархоша дехар динера, шайна керла маьждиг дайтахьара, шира маьждиг тиш а деллера, рузбана бог1у нах чу а ца тарлора аьлла. И дехар НР-н Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу региональни йукъараллин фондан Президенте Кадырова Аймани д1а ма-кхеччи, сацам хилира хьем ца беш маьждиг дан д1адолор.

Турбина поселкехь долу керла маьждиг ши г1ат а долуш, шена чу 2000 стаг а тарлуш хир ду. Маьждиг даран белхаш д1аболийна, кара беанчу безачу Рабиуль-Авваль баттаца а нисбина. ТРК-ПУТЬ