Мечеть «Сердце Чечни» имени Ахмата-Хаджи Кадырова

Собаре хилларг - АллахIа собаре вийр ву

8 мая 2023

Абу СаIид СаIд бин Малик бин Синан ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Мухха а цкъа) ансарех цхьана наха АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаъ-м йийхира - ткъа цо царна елира (и). Юха а цхьаъ йийхира цара цуьнга - (юха а) елира цо царна (и). ТIаьххьара а шегахь мел ерг дIаелира цо (царна). Ша шен керахь мел долу хIума дIаделла ваьлча, цо элира цаьрга: «Муьлхха а сайга кхаьчна долуш долу дика цкъа а шух лачкъийна, къайла доккхур долуш ма вац со. (Делахь а, дагахь латта делаша шайна: нахе ца еха) сатоха гIиртинарг- АллахIа сатохаме вийр ву, (нахе куьг ца кховдон, кIеззиг бен дацахь а) шен ницкъаца (шен долучуьнца) чекхвала хьаьжнарг - АллахIа хьалхавоккхур ву (нахе дехаре валарна тIе ца воккхуш), ткъа собаре хилларг - АллахIа собаре вийр ву. Цхьаннена а делла ма дац собарал дикаха а, сов беркате а дерг» (Бухари: 1496, Муслим: 1053).